ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин Iедална ца тешаран вотум ца кхайкхийна тахана Украинин Лакхарчу Радо


Министрийн хIусам дIасахецарна тIехь лаьтташ ю, Украинин Европан Бартаца Ассоциаци яран хьокъехь документ кечдан дуьхьала даьллачу Iедало йинарг ямартло лоруш йолу оппозици.

Кхаж тасале хьалха, оппозицехь йолчу «Батькивщина» партин лидеро Яценюк Арсенийс дIахьедар динера, нагахь санна, ца тешар гойту кхаж чекх ца балахь, оппозицино президентана Янукович Викторна тIедуьллу, министрийн хIусам дIасахецарна хьокъехь долу омар къобалдар.

Парламентехь вистхиллачу Украинин премьер-министро Азаров Николайс къинтIера довлар дийхира, ГIуран беттан 30-чу дийнахь Йозуш ца Хиларан Майданехь демонстранташна ницкъ барна.

Цо иштта хаам бира, Европан Барт реза хилла, Европан Бартаца Ассоциаци яран хьокъехь долчу документана Киево куьг таIадахь, Оьрсийчоьнца юкъаметтагш йоьхна, йохка-эцарна хилла зе меттахIотторан хаттар къастон.

Оцу юкъанна, Киеверчу парламентана уллехь гулделла лаьтта адам – иттаннаш эзарнаш. КIохцалх буьйцинчу сарица «евромайда» гоне лоцуш бу уьш, цигахь лаьттачу лерринчу ницкъех ларлуш. Украинин Iедале а, президенте а даржаш дита бохуш, Украинин кехчу гIаланашкахь а хилла митингаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG