ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюсселе, Молдове, Гергарчу Малхбале а воьдуш ву Керри Джон


Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон тахана новкъа волуш ву Европера а, Гергарчу малхбалера а пачхьалкхашкахь визиташ дIаяхьа. Уггар хьалха Брюсселана тIевуссур ву иза, ОвхIан пачхьалкхера цхьанаболх бийца цхьаьнакхеттачу НАТОн пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министршца къамел дан.

Керрси хийцамаш бина шен визиташкахь. Иштта, Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабертан а Организацин 20-чу министрийн цхьанакхетаре гIур вац иза. Цуьнан метта, цо Молдова къастийна, тIаьхьарчу шерашкахь Кишинево «реформашкахь яьхьна маьIне гIулчаш» билгалъяха. Цул сов, Керри Раммале а, Йерусалеме а гIур ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG