ТIекхочийла долу линкаш

Бостонера марафонехь лелхийтарш дарна бехке вечу Царнаев ЖовхIаран набахти чуьра хьелаш жимма малдина Iамеркан Iедалша


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедалш шинаин дийнахь реза хилла, Бостонера марафонехь лелхийтарш дарна бехке вечу Царнаев ЖовхIаран набахти чохь латторан хьелаш жимма малдан. Ройтерс агенталло бечу хаамца, Царнаев чохь латторан хьелаша цуьнан адвокаташна новкъарло йора, цуьнгахьа къийсарна.

Керлачу билламаша аьтто ло кхечу нахана а Царнаевх кхета, масала, психиатрна.
Царнаев бехке веш ву шиъ куьйга-бомба ярна а, юха Бостонера марафонехь уьш лелхийтарна а. ХIокху шеран Охана-беттан 15-чу дийнахь, марафон чекхйолучу сизана уллехь динчу лелхийтаршкахь велира 3 стаг. 260-нна чевнаш йира.

Прокурораша чIагIдарехь, Царнаев ЖовхIар а, цуьнан ваша Тамерлан а цул тIаьхьа кхо де даьлча полисхо а вийна, вада гIерташ вара. Тамерлан эццахь вийра, ЖовхIар тIаьхьуо карийначул тIаьхьа чувоьллира. Иза бехке каравахь, цунна вен кхел кхайкхон тарло. Еккъа цкъа вовшахтоьхна хиллачу кхелан кхеташонехь Жовхарс юхатоьхна шега кхийдон бехкаш.
XS
SM
MD
LG