ТIекхочийла долу линкаш

Темерханов Юсупана Москох-гIалин кхело кхайкхийна таIзар тIечIагIдина Оьрсийчоьнан Лакхарчу Кхело


Нохчийчура зудабер Кунгаева Эльза хьийза а йина, ерна бехке вина хилла Буданов Юрий верна кхеле озийна хиллачу Темерханов Юсупана Москох-гIалин кхело кхайкхийна кхел бакъ йина Оьрсийчоьнан лакхарчу Кхело. ХIокху шеран Стигалкъекъа баттахь луьра хьелаш долчу колонехь даккха 15 шо тоьхнера цунна цу кхело.

2011-чу шеран Мангал беттан 10-чу дийнахь вийнера Буданов, Москохарчу Комсомольский проспектехь. Оццу шеран Марсхьокху-баттахь Темерханов Юсуп лецира, Буданов верна бехке ву аьлла.
XS
SM
MD
LG