ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минаш тIехь синкъерамаш


Нохчийчохь гуттар а синкъерамаш бу, республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву йишлакхархочуьнца Межиева Маккица хелхаволуш, Соьлж-гIалара, 04Ман2013.
Нохчийчохь гуттар а синкъерамаш бу, республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву йишлакхархочуьнца Межиева Маккица хелхаволуш, Соьлж-гIалара, 04Ман2013.

Официалан кхайкхорца Нохчийчохь тIом боцуш маьрша, синтеме дахар ду. ДIахьуш ду, Iедалехь болчара шаьш-шайна кхолла а кхуллуш, кхайкха а деш, деза денош а, гуламаш а. Оцу юкъанна лечкъош ду адамаш а, дуьйлуш герзаш а ду.

Официалан кхайкхорца Нохчийчохь тIом боцуш маьрша, синтеме дахар ду. ДIахьуш ду,Iедалехь болчара шаьш-шайна кхолла а кхуллуш,кхайкха а деш, спортан къийсадаларш а.

ХIинцца кху деношкахь ,телевизионехь шуьйра гайта а гойтуш, бу мел боху, механа беза суьдхой а, шоуменаш а балийна, цхьацца пачхьалкхашкара, кхин дIоггара гIарбевлла боцу, юккъерчу тIегIан спортахой а кхайкхина, Соьлжа-гIалахь дIадехьна боксерийн къийсадаларш.

Цигахь толамхо ваьлла 6-7 нохчо. Цу самукъанечу, ша цхьа бов лаьттачу дахарца цхьаьна, шен рожехь дIадоьдуш ду Iаткъаме, луьра дахар а: лечкъош ду адамаш а, дуьйлуш ду герзаш а, лахлуш бац бахархойн ладегIам а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло билгалдоккхуш ма хиллара махкахь, цкъа а совцош а боцуш, ницкъаллин структураша тIемалой лохуш талламаш бу дIахьуш ломан кIошташкахь. Леррина тIеман операци дIахьуш, Хьалха-Мартанан кIоштан Шалажи эвлана юххерчу хьаннашкахь мина а иккхина шина низамхочунна чевнаш йина кху гIуран беттан 3-дийнан суьйранна.

Лазийначех цхьаъ лоьраш тIе кхачо ца кхуьуш дIакхелхина, ткъа шолгIаниг лазартнехь ву. Велларг а, лазийнарг а цигга Хьалха-Мартанан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллехь болх беш хилла. Официалан хьостано дуьйцуш дац низамхошлахь и дагахь доцу дараш динарг Оьрсийчоьнан эскархоша кеманаш тIера чукхиссинчех йисина мина ю я гIаттамхоша кIелонна йоьгIна ю.

Нохчийчохь маьрша цахилар карладаккха санна кест-кеста карайо кхузахь герзан къайленаш а. ТIемалоша тIаьхьалонна дIаIалашдина герз гучудаьлла Устрад–гIалахь. Полисхойн урхаллин хьостано чIагIдарца, мила ву ца хуу вахархо, телпо а тоьхна, зIенехула, тесна лаьттачу цхьана кертахь хьуламехь герз ду аьлла, айкх валар бахьнехь карийна къайле йина меттиг.

Цу чохь карийна ницкъала эккха тарло коьчалла а, ах кийла пластидах тера молха а, ишта тротил а, ши граната а, тата дайдеш, гIирс тIехь болу тапча а. Цу къайленан доладинарг мила ву хаа зераш ду дIахьуш.

Низамхоша хааме мА-даккхара, дукха хан йоццуш,чохь герз а долуш,масех тIемалочунна хене вала таро луш,блиндаж олу тоьла гучуяьллера ур-аттал аренца,гIамаршкахь Iуьллучу Новр кIоштан Рубежни юьртахь а.Низамхойн хьостано дийцарехь цу чохь карийна «Муха» гранотомет а,турмал а,радиозIенан гIирс а,кхачанан сурсаташ а,пхьегIаш а,шен баллонций газан пеш а.

Бакъду, Рубежни эвлахь бехачу бахархошна хаъане а хууш дац шайн эвлана гергахь бен тоьхна, баха кечбелла гIаттамхой хиллий. Кху шерачу, ваха а, вола а меттиг йоцчу гIум-аренашкахь тоьла ца яьккхича баха меттиг йоцуш бу и тIемалой бохуш, меттигерчу бахархоша шеконца тIеоьцу,оццул герз-коьчалла а йоккхуш ,цигахь хьуламехь меттиг хилар а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG