ТIекхочийла долу линкаш

Европан парламентан векалш юхабаха мегаш бу Украине цуьнан Европица йолу кхане йийца


Европан парламентан векалш Квасьневский Александр а, Кокс Пэт а юхаваха мегаш ву Украине, оцу пачхьалкхан Европица йолчу кханенах лаьцна дийца, нагахь санна, уьш дагадовларш хьанца дан деза къастабелла бовлахь.
Европан парламентьан президенто Шульц Мартина дIахьедар дина еарин дийнахь, ша миссин мандат дахдан кийча ву, Украинерчу оппозицина а, Iедална а юкъахь тIай тилла Iалашонца, аьлла.

Полшин президент лаьттина Квасьневский Александр а, Европан парламентан гIантада хилла волу Кокс Пэт а 2011-чуу шарахь дуьххьара вахийтинера Украинера, набахтехь латточу, Украинин премьер-министр лаьттинчу Тимошенко Юлиян цхьа гIо-накъосталлин сацам лаха. Цунна сацам хIинца а каронза бу.
XS
SM
MD
LG