ТIекхочийла долу линкаш

Декъий Iохкуш ду... Iахкийтахь


Нохчийчохь тIемаш боьлхуш, цхьанаметта дIабоьхкинчу, бевзаш боцчу нехан декъий

Нохчийчохь тIемаш боьлхуш, цхьанаметта дIабоьхкинчу, бевзаш боцчу нехан декъий

Цхьана эшшара лаьтташ ду Нохчийчохь, тIемашкахь лар йоцуш, байначу нахаца доьзна хаттар а. ХIумма а цунна жоп лаха сихделла, саготта Iедал а дац. Мелхо а, байна нах лохуш а, и хIума талла а гIертарш емал бо цхьаболчу даржхоша.

ХIокху деношкахь, Соьлжа-гIалахь яьккхий хенаш тоьхна набахте хьажийна, I4 шо хьалха, хIинцалерачу Iедалехь министр волу Таймасханов ГIалас лачкъийна хилла волу кхо стаг. Меттигерачу телехьожийлехь а гайтира и процесс. Ишшта хира ду, бохуш дуьйцура, цигахь, махкахь зуламаш мел динчаьрна, хенан йохалле а ца хьоьжуш. Ткъа, хаттар кхоллалора, маца, толлура долуш ду, Нохчийчохь байна болу нах мичахь бу а, маца охкура ду, церан декъий чохь долу оьрнаш а?

Ткъа, уьш-м махкахь массо а маьIIехь ду, бохуш хаамаш даиманна бо бакъонашларъярхоша. ХIинца и церан болх мелла а гIелбелла, амма, цхьаберш тахана къар а ца луш дIагIерта, и болх вахь а ца буьллуш. «Ненан орц» цIе йолчу юккъараллан цхьанатохараллийн куьйгалхо Межидова Зайнап ю царах цхьаъ. Лаьттахь дахкаш долу декъий хьалдахарх гIуллакх а ца хилла, хIинца иза, болх беш ю, дукхачу хьолехь, арахь набахтешкахь чубоьхкинчу нохчех лаьцна хаамаш гулбеш.

Межидова Зайнап: «Ростовехь итт набахте ю. Оцу набахтешкахь дарбан хIусамаш ю. Цигахь Iоьхкуш а бу вай нохчийн кегий нах. Цигарчу берийн исписка схьаяхьара ю ша аьллера соьга оцу Ростоверачу цхьана зулчо. Вай дайна долу бераш, шай-шай лоьмарш а йолуш бу. Цхьаболчарна шай цIе хаа, кхечарна ца хаа. Цига дIаяха йиша йоцуш Iаш ю со. Улле вала а вац. Вай оцу берашца бала болуш цхьа а стаг вац кху чохь».

Тахана а, Ростов-гIалахь, ша латточу меттигаш чохь, Нохчийчуьрчу бахархойн декъий ду аьлла дIахьедар до Межидова Зайнапа. ДНК-тесташ а еш, I5-20 сов шо хьалха шай байнарш лоьхуш нах хуьлу, аьлла тидам бира цо.

Межидова Зайнап: «Ростовехь 1990-чу шераш дуьйна декъий латтош йолу метигаш ю, чохь гIуора а латтош. Нохчийчуьра цига баха а боьлхуш, ДНК-тесташ а еш, шучуьнна дакъ ду, тхачуьнна дакъ ду боху, схьаоьцуш ду. Ас олу, оцу Ростове а ца доьлхуш, кхуззахь Ханкалахь ду 640 дакъ цхьан ор чохь, 250 вукху ор чохь. Уьш ду аьлла ас, 2010 шарахь аьллера. Наношна карора дара-кх уьш, ас аьлча, вай президента элира Путинс ахча ца делча, иза дан йиша яц вай аьлла. И декъий долу массийта меттиг хаа суна, амма, уьш схьадаха бала болуш стагга а вац кху чохь».

Мацца а, муьлха а зулам дича. Иза бекхам боцуш дуьсург ца хиларна тешна бу, махкахь, болх беш кхин болу бакъонашларъярхой а. Iедалан низамаш йоьхьар а лаьцна, оцу некъа тIера бовла йиша яц, аьлла тидам бира бакъонашларъярхочо Эжиев Минкаила.

Эжиев Минкаил: «Вай тIом низамца хила безаш бу. Ишшта мел хуьлу, дуьнено а, вай дIахьош болу некъ тIелоцура бу. ДIа вахана, бекхам бича, талуш хIумма а дац. Низамо ма бохху вай дIадоьлхахь, тIаьхь ца кхуьуш дуьсура дац хIумма а. И бекхам хила безаш бу,бакъдерг дийцича».

Байначу нехан терахьаш, жигарчу тIеман зама дIаяьлча, лахделлехь а, тахана а хуьлуш ду и хIумш. ХIинца нохчийн зудабераш ду довш. Низамхоша а, шаьш и зуламаш толлуш ду боху. Мацца а, и хIумш лелийначарна а бекхам хиларна сатуьйсу юккъараллехь. Ткъа, оцу зудаберийн наношна-м, уьш дийна цIа бахкийтичхьана, кхин хIума а ца оьшу.
XS
SM
MD
LG