ТIекхочийла долу линкаш

Кхета-м кхета, дуьххьара хила ца лаьа


Нохчийчура коьрта маьждиг, Соьлж-ГIала, Сти2013

Нохчийчура коьрта маьждиг, Соьлж-ГIала, Сти2013

Бусалба динца ца догIу цхьадолу нохчийн гIиллакх-Iедалш. Цу бахьанехь там ца хилла болу нохчий, дино бохург хьалхадаккха лууш бу, вайн Iедалш хуьйцуш.

Бусулбанан дин леладан ма дезза леладеш дукха бусалбанаш бо маситта културера схьабевлла. Амма цкъа наггахь Бусалбанан динца ца догIу Iедалш дIатаса ца лаьа цхьаболчарна. И Iедалш дукха хьолехь цхьана тобанан нийсо еш хуьлу, вокху тобанан харцо еш хуьлу.

Вайн бала кхочуш берш вайн нохчи бо. Динца дуьстича, Зудрашна харцо ю вайн Iедалш. Майра велла йисна нана маре ца яхийта бераш. Ишттачарех цхьаъ дуьйцуш хIара къамел до Абдалла Асета.

Асет: "Со университетехь доьшуш ю. ЦIера а Юропера а нохчашца юкъаметтигаш лела ю ас. Интернет чухула бевзина нохчаша цхьаьцца хIума дуьйцуш тамашнна хетар суна. Цхьаъ иштта дара « ницкъах жима йоллуш ядийна маре а йигна цхьаъ ю. тIаьхьа майра велча, маре яха лууш ю амма бов болла кIенташа ца яхийта тIе эхь догIур до бохуш» - сан нана хира яц хьо маркегIахь - цхьамма олу. Дуккху халха майра велла кхин ю.

И йоьхуш цхьа стаг веача бов бевлла кIенташа – хьо маре гIахь тхуна тIе эхь догIу- аьлла цуьнга. Цара соьга хетта цигахь дуй иштта, къайлах мах бича мегаш дуй бусалбанан динехь. Вайн Iадатехь иза эхь тIедалош хIума ду, аьлла суна а я ас хаьттича сан нанна хезна дац. Тамашена хета суна зудчуьнгар и бакъо дIаяккхар. тIаьхьа бисна нехан Iадаташ хетало уьш."

Буслба дин хьоьхуш нахана КъорIан Iамош йолу Надьяс цу хьокъехь динан кхел юьйцуш хIара къамел до.

Надья: "Зудчуьнан маре яха бакъо Дала елла майра велла йисча я йитича а. Бераш даккхий хуьлий цара иза эхь даий, наха тIе девр даий бохуш сеца ера, ШарIехь магош дац. Дала и бакъо елар терра цунна атто бан беза. Майра велла я зуда елла да-нана дисча, берашна тIе ду царна маре нисдан.

Элчанан а, Асхьабийн а заманахь, зуда, гIазотехь майра велла йисча, маситтазза маре йоьдуш хилла, цхьана марехь мел дина бераш тIевогIучо кхобуш хилла. Зуда маре дезаш ю бохуш сийсаза еш ца хилла. Бов девлла берашна тIехь декъар ду де а ненан бакъонаш талха ца яра. Нанна маре яха лаахь, цуьнан иза атта дара, дена а зуда яла ер. Дала и иштта аьлла ду, хIумма а эхь я хьарам долу хIума дац. И хIуманаш хийцадала дезаш ду."

Цхьа айп доцуш цхьа а култура яц. хIара киртиг дино магош, Iадатехь ца магош ю. хIинца хIун дан деза бакъа бусулба дин тIе эцна болу нохчаша. Вайн дино боххург дан дезахь, ткъа муха ла деза, къаьсттина божабераша шайн нанна йолчохь нуц хилар? Я, Надьяс ма аьллар, шоза а кхуза яхча, невцаршца эхь-бехк лоцуш, гергалонаш лелон деза?

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG