ТIекхочийла долу линкаш

Ахчанех буьзначара а лечкъадо нохчийн зудабераш


Iаьрбийн Эмираташ - Нохчийн йоI ю Пирдоз фирмано тегна бусулба духар гойтуш, Дубай, 24заз2012

Iаьрбийн Эмираташ - Нохчийн йоI ю Пирдоз фирмано тегна бусулба духар гойтуш, Дубай, 24заз2012

Нохчийчохь тIепаза довш долчу зудабераша сингаттам латтабо бахархошна юкъахь. Зуламах ларлуш, цхьаболчара шайн зудабераш цIахь совцийна деша а, балха а ца дохуьйтуш. Хьолах кхуьучара дийцарехь, буьзначу хьаькамаша а, церан кIентарша а шайна хазъелла йоI ядайо, тIаьхьало ца хуьлчу кепара. Делахь а, оцу чолхечу хаттаран цхьа агIо бен яц иза.

ХIинца дуьххьала а доцуш мехкарий а, зударий а хьокъехь юкъ-кара гIовгIа йолу махкахь: куьг бехкенаш муьлш бу а ца хууш, цхьа кхел еш санна, зуда-мехкарий байарца а, гуш бахьна а доцуш лечкъорца доьзна а.Тахана тезеташкахь а, леррина а, ларамза а тобане гулбеллачу наха а дийцаре а деш, гурахь дуьйна тIаьхьий-хьалхий йиъ йоI-зуда лачкъийна Нохчийчохь,I5 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш а йолу.

Ала дашна кхушара дуьххьала хаалуш дац кхузахь и тайпа акха зуламаш. Аьхкенан юккъерчу беттан 6-чу дийнахь Соьлжа-гIалин Маяковски урамехь юххехь машен а сацийна, ницкъала цу чу а хаийна дIайигна 20 шо долу Элимханова Хадишт. ХьаргIанаш санна цунна тIебеттабеллачу божарех цхьаъ тIеман барзакъ дуьйхина хиллера бохуш хааме гIирсашкахула даре динера хIетахь ядийначу йоьIан нанас.

Дуккхаза а хааме даьхна ма-хиллара Нохчийчохь кIезиг ца нисделла, бахьана билггал хIун ду а ца хууш, пIелгара,лергара хьайина дашо хIумнаш а йоцуш, байина къона зударий карор а.Куьйга пIелгаш ца тоъал бу и саннарш а.
Цхьаболчара мехкарий ларйоцуш бар а, байар а дузу, аттачу амале а бирзина, церан шайна ма тов дастаме леларца.

Кхечара чIагIдо, боьха хьашташ кхочушдан, са къерархьамма уьш лечкъош берш ницкъаллин структурийн декъашхой бу бохуш… Ахь дIа хьавинччуьнан шен хьажам бу цу гIуллакхе. Юккъерчу барамехь, дукхах болчу бахархошна хетарг дуй те, аьлла хетало, соьца къамел динчу Соьлж-гIалахочо Бахьас бохург а. Доцца аьлчи цхьана ойланна тIехь сецца вац иза лечкъочу мехкарийн хьокъехь.

Мехкарий лечкъорехь, цхьа керла тулгIе санна махкахь тергаллучу хиламаша забаренна а доцуш сагатдан долийна кхиъна догIучу зудаберийн дай-нанойн.МогIарерчу бахархошна тамаше хетарг ду хийла маьIне доцург гойтуш а, дуьйцуш а йолчу телевизионехь бегашенна а Iедалехь болчара цу юкъараллин айп-зуламах хIумма а олуш цахилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG