ТIекхочийла долу линкаш

დები გოგოჭურები - Йижарий ГогочуригIар


Гуьржийчоь -- Хевсурийн фолклоран тоба "Деби Гогочуреби", 2013

Гуьржийчоь -- Хевсурийн фолклоран тоба "Деби Гогочуреби", 2013

Хевсуретера йижарий ГогочуригIар - Тамара, Кетеван, Хатиа, Манана - Деби Гогочуреби олу иллин фолклоран тобана ю Гуьржийчохь дика евзаш. Цара шаш гуьржийн пондурица а ялош, лоькху массарна а езаелла нохчийн а, гIалгIайн а эшарш.

автор Сулхьан Бордзгор



Маршо Радио: Маца, муха вовшахкхетта шун тоба?

Гогочури: 2006-чу шарахь гулъелира тхан ансамбль, оццу шарахь дакъалецира гуьржийн фольклоран музыкан фестивалехь. Цигахь тхо хьахош, тхох гуттара а олура «Деби Гогочури» - Йижарий Гогочури. Тхо кхаьч-кхаьчначохь а олура тхох «Гогочури доьзал», иштта и тхайн цIе тIеийцира оха.

Маршо Радио: Аш нохчийн иллеш олу, ткъа Кавказехь дуккха а къаьмнаш ма дуй, къаьсттина нохчийн эшарш аш юьхьаръэцар стенна ду?

Гогчури: Тхоьгахь нохчийн иллешка безам кхиорна бехке тхоьца хьошаллехь волу Паьнказера илланча Борчашвили Султан ву. Цо олу иллеш хазахета тхуна. Интернетехула Сагаипова Маккас олучу иллешка ладоьгIуш, уьш даггара езаелира тхуна, Iамийра. Иза а дац дерриг. Тхо кегий долуш тхан денанас гуттара а олура тхоьга, кистой чIогIа дика нах бу, вайн Iадаташ тера ду церачех, уьш лара безаш нах бу шуна вай, олий.



Цо иштта дийцахь а, тхуна башхалла а яцара, цо шениг кхетадора, оха – тхешаниг. Амма дукха вовшех тера дешнаш а, аьзнаш а ду хевсурийнний, нохчийнний. Нохчийн къам вуно дукха деза тхуна.

Кхин цхьаъ а эр дара оха, керла нохчийн иллеш Iамо лаьа тхуна, нохчийн поэташка дехар ду тхаьшна керла байташ кховдор. ТIаккха оха цхьанненан а йоцу эксклюзиван эшарш лоькхур яра.


Маршо Радио: Суна хезна, аш нохчийн иллеш лекха йолийча, гуьржий шун эшарш лекха буьйлабелира бохуш, бакъ дуй иза?

Гогочури: Дуьххьара оха нохчийн иллеш лекха долийча, нахана моьттура уьш абхазойн ду. Амма оха уьш нохчийн дуйла дIахоуьйтура. Хьалха ма-аллара, тхайн цIера-чуьра дуьйна дезаделла ду тхуна нохчийн къам. Тхан дайша довха гергарло лелийна кистошца. Безам ма леллийна вайна юкъахь.

Маршо Радио: Шуна юкъара цхьа йоI чIогIа хаза нохчех хелхайолу аьлла хезна суна, бакъ дуй иза?!

Гогочури: Бакъду, Кетеван ю иза. Хелхап ца йолуш-м тхох цхьа а ца Iа! Вуно хаза хелхар ду нохчийниг. Султана Iамийна тхуна, илли аларал совнаха, хаза хелха волуш а ма вуй иза, интернетехула хьовсуш а Iаьмна тхуна.
XS
SM
MD
LG