ТIекхочийла долу линкаш

Апартеидаца латтийначу къийсаман билгало Нельсон Мандела кхелхина


Шен 95 шо долу кхелхина Къилба Африкан дуьххьара Iаьржа чкъор долу президент лаьттина волу Нельсон Мандела. Апартеидаца латтийначу къийсаман билгало лоруш волу Мандела, даханчу бIешеран уггар Iаткъаме политик лору. Иза валарх лаьцна ПIераскан буса хаам бира, хIинцалерчу Къилба Африкан президенто Джейкоб Зумас.

Гена яьллачу пехийн цамгарна дарба лелийначул тIаьхьа, баханчу Гезгмашин-баттахь дуьйна шен ЙохIаннесбергера хIусамехь вара Мандела.

Цо 27 шо набахтехь доккхуш кхоччуш галъяьллера цуьнан могушалла. 2004-чу шарахь дуьйна наггахь бен араволуш а вацара.

Дерриг а дуьненахь политикан лидерша а, бевзачу наха а кадам бина цуьнан доьзале.
XS
SM
MD
LG