ТIекхочийла долу линкаш

Каноков Арсена дарж охьадилларан бахьана хууш дац


ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхо хиллачу Каноков Арсена охьадиллина шегара дарж. И аьлла хаам бина Кремлан зорбан-сервисо. Канокован дехарна кIел куьг таIийна оьрсийн президенто. Ханна цу республикан куьйгалхочуьн декхарш кхочушдан хIоттийна, Коков Юрий.

Цкъачунна дуьйцуш дац, 2005-чу шарахь дуьйна ГIебарта-Балкхаройчоьнан урхаллехь лаьттина Каноков цу даржера дIаваларан бахьанаш.

ТIаьхьарчу масех шарахь цу республикехь цхьа моггIа бехк-такхаман гIуллакхаш долийнера, лаккхарчу даржашкахь хиллачу нахана дуьхьала. Цу юкъахь бара Каноковн гергара нах а.
XS
SM
MD
LG