ТIекхочийла долу линкаш

Летта аьлла, полицино пхи нохчо лаьцна Москох


Москохан къилбаседехь Нохчийчура пхи вахархо лаьцна полицино, аьлла дIахьедар дина Интерфакс агенталло, шен агIора, Чоьхьарчу Гiуллакхийн министраллина тIе а тевжаш. Дийцарехь, Нижняя Масловка урамехь йолчу «Прага» кинотеатрна уллехь тасабелла хилла дуккха а нах.

Полице цхьаммо еарин сарахь хаам бина цу хьокъехь. Оццу хенахь дуьйцуш дац, цхьа-дей, буьйсий яьлчий бен, цунах лаьцна хIунда ца дийцина. Леттачу нехан хьокъехь бехк-такхаман гIуллакх долийна, «Хулиганалла» олучу артиклехула. Цунах догIу таIзар, 7 шарана тIекхаччалц, набахте воллар ду.
XS
SM
MD
LG