ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бина я ца бина Оьрсийчоьно а, Украино а дозанан барт?


Украинера «Батькивщина» франкцин лидеро Яценюк Арсенийс бахарехь, украинхойн президент Янукович Виктор ГIуран беттан 17-чу дийнахь Дозанийн бертана кIел куьг таIон гIерташ хиларан тоьшаллаш ду цуьнгахь. Киевехь, Къоман Дуьхьалонан штабехь вистхуьлуш цо хаам бира, Януковичан карахь дац, оцу тайпа барт чIагIбар. Лакхарчу радо цунна ратификаци а йийр яц.

Шоьтан дийнахь хаьлхуо, Украинин а, Оьрсийчоьнан зорбан-сервисаша керста дира, Сочехь, пIераскан дийнахь цхьанакхеттачу Янукович Виктора а, Путин Владимира а и барт чIагIбина бохург.

Шен твиттер тIехь цунах лаьцна яздинера, Британерчу The Economist журнналан редакторо Эдвард Лукаса. Шен Москохарчу хьосташна тIетевжинера иза. Цо чIагIдарехь, Киевна аьттонаш бийр бу аьлла Москоха, 15 миллиард барамехь. Газан мах лахбар а ду цу юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG