ТIекхочийла долу линкаш

Сочера Олимпиада тIекхочуш Къилбаседа Кавказера рогIерчу республикан куьйгалхо хийцина Кремло


Оьрсийчоь -- Прохладный-гIалара базар, ГIебартойн-Балкхаройчоь.

Оьрсийчоь -- Прохладный-гIалара базар, ГIебартойн-Балкхаройчоь.

Оьрсийсоьнан президенто Путин Владимра хенал хьалха даржера дIаваьккхина ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхо Коноков Арсен. Цуьнан метта хIоттийна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахойн говзалла лакхаяккхаран Ерригоьрсийчоьнан институтан хьаьким Коков Юрий.

ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгахо Каноков Арсен шолгIа цу дарже хIоттийнера 2010-чу шарахь Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь. Амма кху деношкахь цуьнан метта кхин стаг ваийтина Нальчике Кремло. Иза ву чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахойн говзалла лакхаяккхаран Ерригоьрсийчоьнан институтан хьаьким Коков Юрий.

Коков Юрий.

Коков Юрий.

​Кремлан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Каноковс шен лаамца дитина цу Къилбаседа Кавказерчу республикан куьйгалхочуьнан дарж. Каноков Арсена ша дIаваларан бахьана куьйгалхой хийца оьшуш хиларца доьзна ду аьлла, дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан президенто шена хьалха хIиттийна декхарш ша кхочуш дина ваьлла хилар а хьахош.


Каноков Арсен ву зуламхоша вийна республикан муфтий Пшехачев Анас дIавуллучу тезетехь лаьтташ, Нальчик, 16ГIур2010

Каноков Арсен ву зуламхоша вийна республикан муфтий Пшехачев Анас дIавуллучу тезетехь лаьтташ, Нальчик, 16ГIур2010

​Амма иза цу даржехь хуьйцур вуй хууш дара хьалххе бохуш чIагIдо, масала, Информацин политика кхиоран фондан куьйгалхочо Серенко Андрейс. Кавказский Узел интернет агенталлана ша еллачу интервьюхь цо дуьйцу, ГIебартойн-Балкхаройчохь кхерамазаллица доьзна хьал ледара дара бохуш.

Иштта, цо далочу терахьашца, кху тIаьхьарчу кхаа баттахь цу республикехь вийна 26 стаг. Кхин цхьах чевнаш йина ву. Цундела цига ницкъаллин структурашкара стаг оьшуш вара аьлла хета экспертана.

Политикан информацин центран куьйгалхочунна Мухин Алексейна хетарехь, Коноков Арсен дIаваккхар цу республикехь коррупци яржарца доьзна ду.

Ткъа "Гражданский союз" олучу ГIебартойн-Балкхаройчура юкъараллан вовшахтохараллан куьйгалхочо Тенов Тимура чIагIдарехь, Каноков Арсен республикан куьйгалле веачхьана цхьана а агIора республикехь гIуллакх цхьана а сфрехь тоделла дацара.

Кутаев Руслан Кавказерчу къаьмнийн ассамблеян гIантда ву.

Кутаев Руслан, Кавказерчу къаьмнийн ассамблеян гIантда, 2013

Кутаев Руслан, Кавказерчу къаьмнийн ассамблеян гIантда, 2013



Каноков Арсенан метта Коков Юрий хIоттор цо дузу кестта Сочехь хир йолчу Олимпиадица.

Кутаев Руслан: "Коков, Каноков дIа а ваьккхина, ГIебартойн-Балкхаройчура хьал тодан ваийтина вац. Коков хIоттор Сочехь хуьлуш йолчу Олимпиадин кхерамазалла ларъян дохку аьлла бина хийцам бу аьлла хета суна".


Коков Юрий ГIебартойн-Балкхаройчоьнан республикан куьйгалхо хIоттор кланашна юкъахь болчу къийсамашца дузу цхьаболчу эксперташа. Хьуна хIун аьлла хета, цу республикан хьалхара куьйгалхо хиллачу Коков Валерийн гергара нах толар ду иза аьлла хетий хьуна Коков Юрий харжар аьлла шега хьаттича, Кутаев Руслана иштта жоп делира.

Кутаев Руслан: "!Иза хьалха хиллачу Коков Валерин вешин кIант ву бохуш, хезна суна. Иза бакъ дац. Иза лерринчу сервисашкахь болх бина ву. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллдакхийн министраллехь доккхучу даржехь, экстремизмаца къийсам латточу урхаллан коьртехь хилла стаг ву иза".

Кутаев Русланна хетарехь, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан бахархойн дахар то дан Iалашо йолуш хийцина вац Каноков Арсен. И хаттар хьалхарчу меттехь лаьтташ дац Кремлна бохуш дуьйцу цо.


Кутаев Руслан: "Путин Владимир Владимировича куьйгалла деш долчу федералан Iедало деш ду иза массо а регионашкахь. Цхьана наха схьа а богIий, нах хьийза бо. Цаьргара дерриг а хIума дIадоккху цара. Иза Iедалшна мегаш ду цу территори тIехь митингаш а, дуьхьалонан акцеш а ца хилчхьана. Ротаци ю иза аьлла цо нисса боху. Кремлна дагахь дерг хуийла дац, вайна хетарехь дуьйцу вай иза. Цигахь хийцамаш хир болуш дина хIума дац иза. Цхьа буьзна нах дIа а баьхна, кхин нах богIур хир бу цига. Юха уьш бузо гIерта дезар хир ду церан".

ГIебартойн Балкхаройчоьнан куьйгалхо хийцар хьокъехь комментари йинарг вара Кутаев Руслан. Керла кьуйгалхо вар бахьана долуш ницкъаллин структураш дIахьош болу болх жигара бера бу цу республикехь аьлла хета цунна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG