ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахтаханов Руслан вийначарна хенаш тоьхна



Оршотдийнахь шен сацам дIакхайкхийна Москох Савелов-кIоштан кхело, нохчийн политик, юкъархо, поэт Ахтанов Руслан вер теллина а яьлла. 12 шо тоьхна набахтехь даккха куьг бехке лоручу Умаев Майрбекна, 10 шо - Керимов Зеламхина.

Нохчийчоь Оьрсийчоьнах къаьстийла дац бохучу позицица ваьхна волу Ахтаханов Руслан вийра Москох лурчаха гурахь. Иза верна бехкевинчу шина нохчочо бехк шайна тIе ца эцна. Ткъа талламчаша а, кхело а тоьшаллаш тоъал ду, аьлла бина шайн сацамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG