ТIекхочийла долу линкаш

Хьаькамаш бу къаьмнашна юкъа питана туьйсурш


Къаьмнийн барт, Советан заманара сурт

Къаьмнийн барт, Советан заманара сурт

Оьрсийчоь эккха санна йистина ю къаьмнийн вовшашка IаьIначу цабезамах. Цуьнан бахьанаш ца хаало ма-оьшу толлуш, хьал хийца арабаьлла ницкъ. Ткъа ксенофобица къовсам ца гIаттабахь, баккъал а йоха тарло пачхьалкх...



Бахархоша шаьш даре а деш, Оьрсийчохь дехачу къаьмнаша, могIарерчу наха вовшашца хьагI-гамонаш, инкарлонаш ца лелайо. Царна вовшашка бийца мотт а, барт а карабо.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь дахарехь зеделла ма-хиллара, барт эгIош, къаьмнашна юкъа цим туьйсуш, марсахьийзаш берш цхьацца политикан боламашна, партешна коьртехь болу нах а, хьаькамаш а, политикаш а бу.

Цхьа леррина Iалашо лаьцча санна, Оьрсийчохь къаьмнийн барт эгIош, вовшашка ксенофоби-цабезам кхуллуш цхьацца ницкъаш хилар билгалдоккхуш, Москох кехат яздан дезна Къилбаседа Кавказерчу бакъонашларьярхойн.

Цара кехат дIахьийтинарг ву Оьрсийчоьнан президент волчохь
юкъаралла кхиоран а, бакъонаш ларьяран а Кхеташонан коьртехь волу Федотов Михаил. Цу кехат буха куьйгаш яздинчарна юкъахь бу Кавказехь дика бевза юристаш а, юкъаралхой а, политикан жигархой а.

Бакъонашларьярхоша шайн латкъам –кехат тIехь Федотов Михаилан тидаме дуьллу кху тIаьхьарчу хенахь бозуш боцчу хаамийн гIирсашка нисса пачхьалкхан зорбанехь а, телеканалашкахь а къаьмнашна юкъахь цабезам дебо сюжет-ирташ арахецар а, гайтар а марсадаьккхина хилар. Цара кхеторехь къаьсттина харц хьажам кхиош, кегий къаьмнаш мостагIий-ямартхой санна гойтуш хецца йохуш ю исбаьхьаллин филмаш.

«Кавказан Юкъара форум» цIе йолчу боламан куьйгалхойх цхьаъ йолчу Саратова Хедина хетарехь, цу дерригено а кхерам тIебазболуьйту пачхьалкхан хиндолчунна. БIе сов стага буха куьйгаш яздинчу кехато дуьйцучух цхьаъ ду ЛДПР -н хьаькамо Жириновскийс Кавказан къаьмнийн хьокъехь дина сонта дIахьедарш а.

Къилбаседа Кавказехь Iер-дахар а нисдина бехачу могIарерчу нахана эшшане а оьшуш хуьлчух тера дац политикаша а, политиканаша а къаьмнийн цIарх леладен хIуьмалгаш. Цунна даре до шаьш бахархоша.

Оьрсийн а, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а доттагIаллех дуьйцуш ву Новр-кIоштара вахархо Iумар.

Iумар: «Партехь болучара, церан хьаькамаша туьйсуш цим бу иза. МогIарерчу нехан вовшашца мостагIалла дац. Царна юкъахь хьагI яц. Уьш мукъа а ма бац девнаш лелон. Телевизорчухула Жириновскийс лелийнарг! ЛартIехь ма дацара цо дуьйцург. Краснодар кубанцашна а гIазкхашна а хила еза бохуш хьийза губернатор Ткачев ткъа?! »

Маршо Радио: МогIарерчу нахана юкъахь хьагI-гамо, оьгIазалла а ю аьлча, ахь хIун эр дара?

Iумар: «Ас и бакъ дац эр дара-кх. Ткъа шарахь болх бина ас царна юкъахь. Ткъа шо ду ас цаьрца болх ца бо а. ХIокху сохьта а гергарло лелош ду-кх тхо. Деношкахь баьхкина со волчу хьошалгIа Сысоев Савелийн йоI а, цуьнан кIант а ХIирийн мехкан Терский юьртара, геннара схьабаьхкина уьш. Вайн Iедалехь масех мерза хIумнаш чохь тIоьрмиг беъна цара, стоьмаш беъна. Цул сов, сан йоций а хиина, телпо еъна цара совгIатна. Мел там хилла суна! Доккха хIума дац иза?!».

Къаьмнийн юкъаметтигех къамел дина Iумар тешна ву, лаам хилча, пачхьалкхан куьйгалхошна питане хIуманаш лелош, барт эгIош берш совцо дукха хан ца эшара аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG