ТIекхочийла долу линкаш

"Ирсан кехаташ" кхоьхьуйту интернетехула


Ирсан кехат, диллина сурт

Ирсан кехат, диллина сурт

Нохийчохь юха а жигарадовлуш ду «ирсан кехаташ» олу дехарш интернетехула дIасакхехьийтар. Хьалха санна, хIора цIийнан пенах кхозучу почтин гIутакхаш чу ца туьйсу уьш хIинца - Интернетехула дIасакхачадо.





Интернетах шуьйра пайда эца боьллачу нохчашна гуш хIуманаш ду дуккха а. Хьалха, и машан майда йоцучу хенахь, эцца шайн "котелах" а ловзуш, дуьненан хIумано Iеха а ца беш, вовшашка хьагI-гамо а йоцуш бехара уьш.

Ткъа, хIинца Iехабала кийчча болу нохчий шайн тидаме эцна кхиамечу технологешкахула "болх" бечу бозбуунчаллаша. Интернетехула а, мобилан телефонашкахула а ахчанаш дахархьама лебо, кхечара, хIунда ца хаьа, цхьацца дахаран хьежаман къестамаш беахьара олий, кхайкхамаш тIехь болу кехаташ хьийсадо.

Социалан машанехь, къаьстина Вконтакте а, Одноклассники а сайташна тIехь, цхьа тамаше къийсадаларш хуьлу нехан. Масала, хьайна нана езахь, хIокху хаамна кIел "лайк" хIоттае олу. И стенна оьшуш ду, ца кхета нах. Рамзан цIе йолу нохчийн журналист сих-сиха Iоттало оцу тайпа дехаршна тIе. Нана езачо куьг таIош хилча, ткъа ца таIош верг - иза шега доьхург дош ца хеташ верг мила хила веза, бохуш, цецвуьйлу иза.

Рамзан: "Одноклассники" сайта тIехь сайн гергарчаьрца уьйраш латторхьама хуьлу со. Ишшта цхьана дешнарш а, лаккхарчу доьшийлехь хилларш а хуьлу. Амма цхьацца къамелаш оха дечу хенахь, юкъабовлу, цхьацца вайгахь ца товш долу хIуманаш язден нах. Язъеш ерг елара цхьа хIума. Администрацига ас хийла дехна, уьш ма яздайта аьлла. Масала, ламаз дезачо, "класс" аьлла тIетаIаде олий. Бусулба стаг велахь а "класс" тIатаIае олу».

Вотсап олу, телефонаш чохь лелош йолу программа юкъаяьлча, еха-йоца ца лоьруш, информаци дIасахьежо аьтто белира. Стенгга а сурт а, видео а оцу мIаьргонехь дIатасало. Амма цига а кхаьчна и «ирсан кехаташ» кхьоьхьуьйту нах. Цхьа а хир вац оцу программfх пайда оьцучаралахь ишшта кехат ца кхаьчна. Хьалха-МартантIера Увайс а ву царах цхьаъ.

Увайс: «Ас и программа лелош ю, иза йорах йолун дела. Дукха хан а ю ас лелош. Кху чохь бевзаш боцучу наха цхьацца хаамаш боуьйту, хIара ахь итт стаге дIа ца яхьийтахь, хIара, я важа хир ду хьуна, олий. Ас хIун ю а хьожий, меллаша, дIайойу уьш».

И тайпа кехаташ кхоьхуьйтучу наха дин а, нах а сийсазбархьама лелош иза, аьлла хета Увайсна.

Увайс: «Хьекъал доцуш а, цунах эшна а нах ма бай вайн шортта. Суна-м ца оьшу и хIуманаш. Мел безачуьнна эцца ламаз дан маьждигаш ду, марханаш а кхаба йиш ю, и хIуманаш ца лелийча а».

Советан заманахь, цхьа а тайпа интернет а, кхиаме гIирсаш а хилла боцучарна дагадогIу почтехула шайга «ирсан кехаташ» кхехьийтина. Царна тIехь, яздина хуьлура, хIара кехат, ирсах дуьззина ду, цундела ахь 10-за дIасадахьийта деза, олий. Цуьнан дозалла дестош, нагахь санна кехат дIа ца хьажадахь, доьзалехь боккха бохам хир бу олий яздора.

Дуьйцу Зараъ цIе йолчу къаночо.

Зараъ: «Хьалха почтан гIуттакхаш хуьлура. Царна чу кест-кеста «ирсан кехаташ» а кхуьйсура. Ишшта яздина хуьлура царна тIехь: 10 стаге иза дIа ца тасахь, я хьан чуьра стаг лийр ву я хьо лазаро лоцур ву, олий. Дуьхьал яздеш а хуьлура, ца яздеш а хуьлура. Галяс.цхьана меташкано, сан меттана дуьхьал жоп а яздира. Кхин ас яздина а дац».

«Ирсан кехаташ» олу йозанаш дIасакхоьхьуьйтучу нахана дуьхьал болх бан безара Iедалша, аьлла а хета Зараъна. Бакъдерг дийцича, ша оцу хенахь оцу кехатийн кхоччуш терго ца йина аьлла ю теша шен цамгарш, аьлла шеко а ю цуьнгахь.

Зараъ: « И кхерамаш дага а туьйсура. Кхера а кхоьрура. Со со а ю массо а цамгарш йолуш. Бакъ хилла теша наха дуьйцург? Цецъяьлла ю со цу балхах. Интернет чохь а яздо боху и хIуманаш. Уьш хIунда яздеш ду ца хаьа суна. ХIинца-м вайн вешан а бара молланаш а, дешна нах а. Царна ца хаьа теша иза хIун ду?».

Доккха Iазап лайна нохчаша. Ши а тIом боьдучу хенахь а, наха хийла ца кхеташ хеттарш дора шаьш-шайга: хIун бахьанашца Дала бала боссийна къомана тIе, олий. Билггал жоп хууш дац, амма, кхера а ца кхоьруш, ала мегар ду, «ирсан кехаташна» дуьхьал жоп иза хилла доцийла.
XS
SM
MD
LG