ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьне а орцахдуьйлу Украинерчу хьолана



Бесташ протестан гуламаш а болуш, дIахьо махкарчу оппозицица бертан дийцарш Украинан президента Янукович Виктора. Дагадовларш ду цо дIахьош цхьацца хенашкахь президентан даржехь Iийначу Кравчук Леонидца а, Кучма Леонидца а, Ющенко Викторца а. Иштта, хаам бина Януковича, ша кхаарий дийнахь Брюсселе шен векалш хьажабо Европаца къамел дан аьлла.

Оцу юкъанна Украинерчу оппозицин лидершца Яценюк Арсенийца, Кличко Виталийца, Тягнибок Олегца цхьаьнакхетта Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран гIоьнча Нуланд Виктория. Цул тIаьхьа цуьнан а, ЕвроБертан арахьарчу гIуллакхийн буьйранчин Эштон Кетринин а къамелаш хилла Украинан президентца.

Цкъачунна эзарнаш нах лаьтта Киеван а, кхечу гIаланийн а майданашкахь. Уьш реза бац шайн къам ЕвроБартана герга дуьгу низамаш Iедало юхататтарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG