ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна карзахваьлла Карзай?



ОвхIанистанан президента Карзай Хьамида, колониалан режимах ду боху Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедал, ша францойн Ля Монд газетна еллачу интервьюхь. Штаташца шен агIоно йийцаре ечу Кхерамзаллин пактан хькъехь ду цуьнан къамел.

Оцу пактан проекто къастош ду, тIедогIучу шарахь Iамеркан эскарш дIадахча, царех масса тIеман дакъа бухадуьсур ду ОвхIанистанехь. Карзайс и пакт шо гергга хан яьлча, махкахь президентан харжамаш хилла бевлча, дийцаре дан деза боху, ткъа Iамеркахошна хIинццехь бойла лаьа хиндолчух къастам.

Къовсамца доьзна шена кхерамаш туьйсу, ткъа иза колониалан кхетам болчу политикаша бен дойла дац, Карзайна хетарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG