ТIекхочийла долу линкаш

Чурт санна, лаьтта со ГIум-Азин арахь...


Нохчийн поэт, филолог, Iилманча Гадаев Мохьмад-Салахь

Нохчийн поэт, филолог, Iилманча Гадаев Мохьмад-Салахь

Шен ах-дахар набахтехь дIатоькхучу юкъанна, нохчийн поэтех тоьларг хилла ца Iаш, Iилманехь а къахьегна, шатайпа похIманча волу Гадаев Мохьмад-Салахь вина 104 шо дуьзина. Дагалоцур вай «чурт санна», «ГIум-Азин арахь» лаьтта нохчийн сийдолу поэт.




Iожалло Iехавой, оьций, дIахьой,

Ял йоцуш вирзинарг лар йоцуш вов,

Уьйрашна вицвелча, Далла а вицвой,

Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов.

Даим со хьегначу ЦIен-берде гIой,

Цуьнга бIаьрг тохалаш, аьтто хилахь -

Цигахь диинера ас бераллин той,

Цигахь лиънера сайн чурт а дагахь.

И могIанаш яздина сийлахь байтанча, Iилманча, нохчийн меттан говзанча Гадаев Мохьмад-Салахь вина I04 шо кхачар даздина Нохчийчохь. Цуьнан лийр йоцчу кхоллараллах хастаме къамелаш дарал сов, Нурадилов Хампашин цIарахчу драмтеатрехь иза дагалоцуш, цуьнан говзарийн бух тIехь хIоттийна «ЦIе берд» спектакл а.

Лакхахь далийна дешнаш а ду «ЦIен-берд» байта тIера.

Дуккха а яздархоша ечу къароца, еккъа и цхьа байт тоаме яра Гадаев гуттаренна а дагалецамехь виса а, цкъа а цкъа виц ца ван а. Цу тIехь го иза исбаьхьаллин дешан пхьар хилар а, нохчийн меттан говзанча а, кIоргга дахар кхетош хьекъале философ хилар а.

Дог-мерза гул а лой, ЦIен-берде гIой,

Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь.

Сан метта бIаьрг тохий, сан бIаьрга гой,

Сан Берд аш хьасталаш, ганза со лахь.

Адамо уггаре сагатдан ца оьшург Iожалла ю баьхначу хьекъалчунна а дайна, цуьнан синхааман турпалхочо, воьхна а воцуш, я цуьрриг кхерам а боцуш, кхетайо Iожалла а, иза вайнаха ма-аллара «когаш кIел» хилар а. Цундела цхьа весет санна ешало цуьнан гIайгIане, амма доьналлин, къонахаллин ойланаш:

Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой,

Безамна бIарлагIа елаш цигахь…

Шен Iожалла, кошан барз Даймахкахь цахиларна кхерар бух болуш ду Гадаев Мохьмад-Салахьан. ХIунда аьлча, шена кхолламо къастийначу 63-ннах 30 шо цо набахтешкахь даьккхина. Ваха-ван маьрша воцуш, тутмакхан паднар тIехь оццул дукха хан текхнехь а цуьнгахь тIех Iенаш хилла синан маршо.

Цундела кхоллаелла цуьнга цхьамогIа инзаре кIорге йолу байташ а, поэмаш а, повесташ а. Царех ю «Дарта», «ГIум-Азин арахь»,»Тоьпан тата», «Буьйсанан бере», «Ши стаг», «Нус», ишта кхин дIа а.

ЧIогIа маьIне бу, масала, байтанчин хьокъехь Гадаевс ша бина тидамаш. «ХIума, и хIуъа а делахь а, гар, хаадалар, дагна Iеткъар – и бу поэтан цхьа агIо - аьрро агIо. Ткъа поэтан, яздархочун аьтто агIо бу – и гинарг, хааделларг, дагна Iаьткъинарг дешнашца нийса, ма-дарра схьаала хаар. И ши агIо цхьаьнакхетча хIутту поэт, яздархо. Цу шинах муьлхха а цхьа агIо бацахь, - тIаккха кхолларалла «са доцуш» хир ю, шийла хир ю, нехан дегнех ца кхеташ хир ю.» Ишта яздина байталлах ша Гадаев Мохьмад-Салахьа 40 шо сов хьалха.

Гадаевх а, цуьнан кхоллараллах а дуьйцуш ву махкахь дика вевза дешан говзанча, Iилманча Уциев Абу.
Уциев: «Шатайпа хьекъал долуш, холчахIоьттинчу хенахь цхьаверг кIомал оза волало, цхьаверг мала волало, цхьаверг кехатех ловза волало - набахти чохь талха ма телхий, наха дийцарехь. Ткъа хIара Дала шена дела хьекъал пайдехьа а дерзийна, массо а агIор кхиа гIиртина, массо а Iилманна тIаьхьакхиа гIиртина. Цундела цо литературехь яьккхина меттиг а ю йоккха меттиг дIалоцуш.

Цундела цо литературехь бина болх критикаша ма-таллара, цо Iилманехь бина болх Iилманчаша а теллича, дуккха керланиг девзар дара Гадаев Мохьмад-Салахьах, сунна хетарехь. Изв чIогIа хьекъал долуш стаг хилла. ЦIарна хIума лелош стаг а ца хилла.

Тамаше адам хила Гадаев. Набахтера цIавеъча, наха, хьайна Деле могашалла еха аьлча, йоьхур яц ша, шена Делах эхь хета, ша дехха дехнарг цо делла шена, хIинца могашалла а еха эхь хетта, аьлла цо».

Гадаевх дош аьллачу Уциев Абус а, кхечара а билгал ма-даккхара, доьналлех, гIиллакх-оьздангаллех, безамах юьзина ю поэтан кхолларалла.Оццул халонаш лан, эшо дезнехь а, цаьрца хаа ца ло леткъам а, чIекъар а, тийжам а. Мелхо а, цара, цуьнан ирташа, Даймахках воккхавевойтуш хьоьсту ойла, дахарх, доттагIаллах, безамах тешош ир-кара хIиттадо дог.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG