ТIекхочийла долу линкаш

Кавказхоша сагатдо Украинерчу хьолана


Украина -- ЕвроБертан байракх шех а хьарчийна лаьтта Киеверчу гуламан декъашхо, 12ГIу 2013

Украина -- ЕвроБертан байракх шех а хьарчийна лаьтта Киеверчу гуламан декъашхо, 12ГIу 2013

Кавказхошна бен-башха дац Украинехь хIоьттина политикан хьал. Амма уьш шаьш а маьрша бац официалехь украинахошна тIехIитта. Цундела цхьа къайлах-къулах санна нисделла ГIалгIайчуьрчу шех «Йозуш Йоцу Къанойн Кхеташо» аьллачу юкъаралло интернетехула дина дIахьедар а.


Билггал и хIун цхьаьнатохаралла ю хууш дац, хIунда аьлча, ГIалгIайн махкахь мел лаххара а шиъ ю и цIе лелош юкъаралла. Цхьаъ - республикан куьйгалхочун «Къанойн кхеташо» ю. Важа - бизнесхо Абадиев Идрис коьртехь лаьтташ йолу «Мехк-кхел». Амма Украине дIахьедар дахьийтинарг ю «Къанойн кхеташо»! Бакъду, цо ша «йозуш йоцу юкъаралла» аьлла йовзийтина.

Ужахов Бекмарза куьйгалхо волчу оцу кхеташоно - ала догIу, иза махкахь вевзаш стаг всуна ца карийра – доццачу шен дIахьедар тIехь кхайкхам бо украинахошка, Оьрсийчоьнна вохкавелла волчу шайн президента Янукович Викторна дуьхьало ян езаш, бохуш.

Ишшта, цу тIехь Оьрсийчоьнан куьйгалле боху, кхечу пачхьалкхан гIуллакхашна юкъа ма гIерта. «Оха кхайкхам бо, маьрша акцеш дIасалахка а, Януковична гIортор ян а, Украине дахийтина долу оьрсийн леррина эскарш арадаха», аьлла ду оцу дIахьедарехь.

Махкахь дика вевзачу оппозицин куьйгалхойх ву Манкиев Бамтгири. Цо иштта боху.

Манкиев: «Суна сайна вевзаш стаг вац иза. Украине, бакъдерг дийцича, дIахьедарш дан оьшуш болх а бац. Евкуровс лелочу политикана реза боцуш хила дезаш ду-кх иза, суна хетарехь. Ишшта кхета со цунах».

«Ужахов Бекмарза» цIе йолу политик я цуьнан цхьаьнатохаралла а шена а евзаш яц боху политолога Акиев Тимура а. Цунна хетарехь, иза интернетехула даржийна д1ахьедар хила тарло.

Акиев: « Суна, бакъдерг дийцича, хезна дац махкахь и тайпа йозуш йоцу юкъаралла ю аьлла. Тахана махкахь къанойн цхьаьнатохаралла ю бохуш, официалехь болх беш ши юкъаралла ю. Цхьаъ мехкан куьйгалхочун лаамца кхоьллина а, важа – Абадиевниг а. Кхин структураш суна евзаш яц. Я нах а ца карийна суна и цхьаьнатохаралла евзаш.

ГIалгIайн йозуш йоцчу «Къанойн кхеташонера» ду аьлла долу и дIахьедар Интернетехь гIарадаьккхинера, цхьана блогехь. Бухахь иттаннаша украинхоша баркаллаш бохуш, комментареш а йитина. Iедал хийца арабевллачу украинхошна теша лаьа Кавказера къаьмнаш шайгахьа дог лааташ хиларх.

Кавказехь, цIахь, цхьажимма а Iедалш кIеда хилча, шайгахь кIеззиг а маршо хилча, гIур боцуш бацара цхьаберш Украине, гуламхошна товжор ян. Амма цIахь бисинчу гергарчарна бен болчу Iаткъамо сецабо уьш.
Масала, гIалгIайн оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан доьзал бу тахана Iедалша зуьйш, лебеш. Иза Киеве а вахана, Майданехь ву аьлла хезча, цуьнан дай-наний меттигарчу Iедало тIе а кхайкхина, цигара цуьнга цIехьавола ала аьллера.

Хазбиев Киеверчу дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш хилар - иза цуьнан шен гIуллакх ду, гарехь, цхьаммо а векал вина ца вахана иза, боху политолога Акиев Тимура.

Акиев: «Суна хетарехь, иза Мохьмадан шен лаам бу. Иза цхьанненан а векал вац цигахь. Ша-шеггара вахана ву иза цига. Цуьнан бакъоа ю ишттачу акцешкахь дакъалаца. Цунна иза дехка бакъо а яц. Суна ца хаьа, кхин а нах бахана хила а мега.

Вайнаханий, украинхошний юкъахь, муха а кхоллаеллехь а, гуш йоцу зIенаш юйла хаало. Цундела Кавказо лазамца тIеоьцу и къам декъа гIертар а, цигахь хьал телхаш хилар а.
XS
SM
MD
LG