ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу агенталлин коьрте Киселев хIоттийна, шен Iалашонаш ларъеш ву Путин


Киселев Дмитрий шен сурт даккхийта дlахlоьттина, Кремлехь доттагlаллин мидал еллачул тlаьхьа, Москох, Гlадужу-беттан 10, 2011
Киселев Дмитрий шен сурт даккхийта дlахlоьттина, Кремлехь доттагlаллин мидал еллачул тlаьхьа, Москох, Гlадужу-беттан 10, 2011

Мила ву Путина Владимира керлачу, йоккхачу Оьрсийчоьнан медиа-агенталлинна коьрте хIоттош верг? Киселев Дмитрийца дуккха а хIума ду - шех бIобулуш, юхахьара, вуно чIогIа Кремлехьа а хилар. Критикийн хьесапехь, цуьнца доцу цхьа хIума, иза журналист ца хилар ду. Оцу хьокъехь ю Маршо радион корреспондента Синделар Дэйзис язъйина материал.


YouTube тIехь дуккха а нах хьовсуш болчу видеоклипа тIехь гуш ду Путинан Оьрсийчохь журналист мел хийцавала тарло. 1999-чу шарахь Путин Iедале вогIучу хенахь, Киселев Дмитрий телевизионан журналист вара, ондда, журнализмана а, пропагандина а юкъара башхалла евзаш.

Киселев: «Журналист этиках къаставалур вац. Амма экранаш тIехь гуш болчу нахах журналисташ ала йиш яц. ХIунда аьлча, дукха хьолахь, уьш агитаторш бу.»

Цул тIаьхьа 14 шо даьлча, Путин Кремлехь дикка чIагIвеллера. Ткъа Киселев, журналистах кIезиг хIума долуш ву. Алссам агитатор ву иза.

Киселев: «Доноро санна цIий далар царна дехка деза. Некъан бохамехь уьш белча, церан дегнаш лаьттах дохка деза я дагон деза, цхьанненан дахар дахдан хьашт ца хиларе терра."

59 шо долу Киселев ГIуран беттан 9-чу дийнахь керлачу, йоккха «Оьрсийчоь тахана» медиахолдинган коьрте хIоттийра. Хьалха хиллачу РИА Новостин метта хир ю иза. 110 миллион долларх йолу РИА Новости дIасахийцира Путина шен омарца, официала кепара, харжаш лахъярца дузу, аьлла.

Нагахь санна, Оьрсийчура хаамийн гIирсашна тIехьажархой РИА Новости дIакъовларна саготта хиллехь, царна кхераме хета, ВГТРКан директоран когаметта а, Путинна муьтIахь а волу Киселев керлачу хаамийн гIирсана урхалле хIоттор. Кiирнах цкъа арайолучу программехь, Кремлан цхьайолу, уггар шеконан политика яржош а, Малхбузе бехъеш а ву иза.

Киселев хьакаман дарже хIотторах лаьцна хаам, цо, оьрсийн Iедалша къаьсттина сагатдечу, Украинерчу майданехь Европехьа болчу наха вовшахтоьхначу митингана уггар а вуон мах хадийначул тIаьхьа бира. ХIумма а доцчу хIуманна тIехула яьккхина гIовгIа йолуш санна дуьйцу цунах лаьцна Киселевс шен программашкахь.

Киселев: «Майдан хIун ю? Украинин дегIан тIера жима тIадам бу. Паяльникца иза багийча, лазор бу. Лазор бу, амма валлал хIума хир дац. Амма, массо хIума политикан технологица хьекъале дича, йохъяларан тIадам гайтина, йоккхаечу куьзганна чухула гайтича - телевизион а, интернет а вуно дика оптика ю - ерриг пачхьалкх йолчуха сурт хIоттийча, тIаккха валлал хIума ду аьлла а хетало. Ма-дарра аьлча, майданал а чолхе ю Украина.»

Миронюк Светлана куьйгаллехьа а йолуш, Оьрсийчохь уггар лоручарех яра РИА Новости. ХIинца цуьнан метта кхуллучу агенталлин коьрте Киселев хIотторехь, Iедалийн сингаттам го критикашна. Шен ма-хуьллу, Кремл Украинехь хуьлург каралаца гIертарал совнаха, Чиллан баттахь Сочехь хир йолчу Олимпиадех а пайда эца гIертачу хенахь хуьлуш бу и хийцамаш.

Маршо радиоца къамел деш, Оьрсийчоьнан журналистийн Бертан инарла секретар хиллачу Яковенко Игора дийцарехь, цIеххьаша бинчу цу хийцамо Кремлан элитехь паника яцахь а, кхерам хилар гойту.

Яковенко: «Иза барам а боцуш эвсаралла йоцу сацам бу. Хьекъалза а ю эр дара аса. ХIунда аьлча, Киселев Дмитрийс еш йолу пропаганда, гуш лаьтташахь, харцдерг дийцарца йоьзна ю.
Цо майданах а, оьрсийн оппозицех а лаьцна дуьйцург, цIена аьшпаш бу. Цензура йолуш бен хила йиш яц иштаниг. Информацина монополи йолчу хенахь.»

Кремло бахарехь, керлачу органна тIехь хир ду, дуьненна оьрсийн политика йовзийтар.
Путинан омаро бахарехь. Оьрсийчоь тахана – Кремло ахча латтош, ингалс маттахь хаамаш бечу агенталлех къаьсташ ю. Цунна Russia Today телевизиоона тIехь ду, «Оьрсийчоьнал арахьа йолу пачхьалкхан политика а, юкъараллин дахар а довзийтар.»

РИА Новости агенттало, мелхуо а, шен Iалашонаш «сихаллехь, бакъ дийцарехь, политикан хьолаца а ца дузуш, шен хьажар хиларехь а» гора. Иштта, Оьрсийчоьнан Аз бохху радио маша а дIакъевлина Путинан омарца. Иза а Киселевн агенталлехь тухур ю.

Цхьа шеко йоцуш, пачхьалкхан хаамийн гIирсашкахь мостагIалла гуш волчу Киселевс ГIуран беттан 10-чу дийнахь элира, РИА Новости агенталлин дукхах болу белхахой балхахь бита дегайовхо йолуш ву ша, аьлла. Делахь а, Яковенкос бахарехь, муьлхха а хаамийн агенталла хийцалур ю «Геббельс-амалехь» хаамаш бечу Киселевн урхаллин кIел.

Яковенко: Муьтахь йолчу Миронюк Светланина а - хIуъа дийцича а, иза боккъалла а журналист ю - Киселев Дмитрийна а юкъахь йоккха башхалла ю. Евромайдан юьйцуш, сацийта аьлча а аьшпаш биттарна оскар кхаьчначу Киселевна шолгIачу дийнахь, вуно йоккхачу медиахолдинган хьаькаман гIант делла. Уьш вовшашца зIе йолуш хIуманаш ду.
XS
SM
MD
LG