ТIекхочийла долу линкаш

Украине еъна Нуланд Виктория



Украине еъна Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаран гIоьнча Нуланд Виктория. Президентца Янукович Викторца махкара хьал дийцаре дарал совнаха, иза хилира Киевехь лаьттачу гуламехь а. Шелонехь протест кхайкхош лаьттачу нахана кхача а бикъира Нуланда.

Полицино, леринчу ницкъаша, хиш детташ, наха дIахIиттийна дуьхьалонаш херцош, дерриг а до гуламаш бийшо. Амма гуламаш цкъачунна совцаза бу. Оцу юкъанна, дечуьнца гарадолуш нислахь а, шен ницкъаша Iаткъам бийр бац нахана, бохуш ду чоьхьарчу гIуллакхийн министра Захарченко Виталийс ден дIахьедарш.

Януковича шен векалш хьовсийна, нах шега цуьнца гергарлонаш чIагIде бохучу Европе. Брюсселехь Украинан векалша интеграцин хьокъехь бертан къамелаш дIахьор ду ЕвроБертан куьйгалхошца.
XS
SM
MD
LG