ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мандела Нельсонца къаьсташ бу махкахой



Преторин амфитеатрехь Мандела Нельсонца къаьсташ бу къилба-африкахой, хьеший. Оцу амфитеатрехь 1994-чу шарахь халкъо тажтиллира ша президент хаьржинчу Манделина. ХIинца Манделин цIе тиллина оцу меттигна. Эзарнаш адамаш кхочу амфитеатре Манделица Iодика ян. Iаьржачу нахах дуьххьара президент хIоьттина а, къоман лидер лаьттина а волу шайн турпал лаьтте верзор ву халкъо кIирандийнахь Йоханнесбургана 700 чаккхарма юьстах йолчу, иза винчу Квуну цIе йолчу меттехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG