ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьхьа-м дац те Януковичан резахилар?




Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхочо Эштон Кетрина дIахьедина, Украинан президента Янукович Виктора шега, ша дагахь ву Европаца йохк-эцар а, кхидолу а юкъарлонаш лелорах болу барт хIотто, элира аьлла. И барт бан Янукович реза цахилар бахьана долуш буьйлабелира Киевера а, мехкан кхечу гIаланашкара а протестан гуламаш.

Шеца Украино юкъарлонийн барт тIечIагIбинчул тIаьхьа Европа кийча хир ю цуьнан экономика аттачу йоккху инвестицеш ян, элира Эштон Кетринас дахначу деношкахь, ша Европан Бертан коьртачу шахьарахь Брюсселехь къамел деш. Делахь а хIинца Янукович Европехьа верзарх тоам ца хуьлу махкарчу гуламхошна.

Оппозицино декхаре йо министрийн кабинет карара мукъ охьабилла. БIеннашкахь лаьтта нах хIинца а Киеверчу Цадазаран Майданахь а, мэрина гонах а.

Украинан тIеман министра Лебедев Павела дош делла Iамеркарчу шен коллегана Хейгл Чакна, шаьш гуламашна дуьхьал эскарш дохур дац аьлла.
XS
SM
MD
LG