ТIекхочийла долу линкаш

Шен ден го хIаллакбеш ву Чен Ын Ким



Къилбаседа Кореяхь веза лоруш хилла мехкан лидеран Чен Ын Киман верас, дейишин майра Тхэк Чан Сон Iедало вен а кхачийна, еарий дийнахь Iожалле верзор дастаме лору луларчу Къилба Кореяно а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а.

Зарратан герз долахо йолчу оцу пачхьалкхехь сийлахьчех шолгIа стаг ларалуш вара хIинца вийна компартин секретаран гIовс Тхэк Чан Сон. Пачхьалкхан телевизионо хаам бина, цо даккхий зуламаш дарца зен дина махкана, аьлла. Вашингтоно даржадо, хиллачо гойту, мел къиза ду Къилбаседа Кореяра Iедал, бохуш.
XS
SM
MD
LG