ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчохь вайнарг шпион хилла



Iамеркан зорбано бечу хаамаша чIагIдо, ялх шо хьалха ГIажарийчохь доьза вайна Iамеркахо Левинсон Роберт Цхьанатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисан белхахо вара бохуш. Хьалха Iамеркан официало тоьшалла динера, иза беккъа шен лаамца гIажаройн Киш-гIайрене а вахана, вайна могIара вахархо ву, аьлла.

Ассошиэйтед Прессано а, Вошингтон Посто а дийцарехь, тIех кхераме доллушехь вахийтина хилла Левинсон къайлахчу сервисо ГIажарийчу. Газеташа бахарехь, и хилам бахьана долуш балхах шен 10 белхахо вохийна а хилла ЦРУ-но.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG