ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жириновский даржах воккхийла лаьа нохчашна



Нохчийн парламенто сацам бина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин спикере Нарышкин Сергейга Жириновский Владимир депутаталлах ваккхар доьхуш дIахьедар хьажо. Иза реза яц Думано таIзар ца деш Жириновский витарна. Резабацар дозу либерал-демократин лидера ши бутт хьалха кавказхой сийсазбеш Оьрсийчоьнан телевизионехула къамел дарца.

Деношкахь и инцидент теллинчу Жириновскийн коллегаша таIзар дечу меттана цунна къинхетам бар харцо лору нохчийн парламенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG