ТIекхочийла долу линкаш

Коьрта лоьраш хуьйцуш бу Нохчийчохь



Нохчийчуьрчу йоккхачу шина дарбан хIусаман коьрта лоьраш даржашкара дIабаьхна мехкан могашаллин министралло - республикан клиникан лазарненан куьйгалхо Эпендиев Беслан а, ТIехьа-Мартанан къоштан дарбан хIусаман хьаькам Чегарбиева Хьава а. Бахьанаш дозу, министралло хаам барехь, лоьрийн балха тIехь даккхий кхачамбацарш хиларца.

Кхо кIира хьалха ша, мехкан администратора Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, даржера вохош ву Куьршаларчу дарбан цIийнан куьйгалхо Хизриев Сайд-Мохьмад, аьлла. Иштта дIаваьккхина балхара тIаьххьарчу баттахь кхин а массех коьрта лор.
XS
SM
MD
LG