ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имуннодефицитан синдром лоьцурш совбуьйлу нохчашлахь



2013-чу шарахь хаъал совбевлла Нохчийчохь имуннодефицитан синдромо лаьцна нах. ХIора эзар вахархочух шина стаге кхоччучу барамехь и эвхьазлонан цамгар яьржина болчу нахана тIекхетта кхин а 200 сов стаг.

Ткъа официалехь долчу оцу терахьал дуккха а лакхара ду баккъал а долу терахьаш, бохуш чIагIо могашаллин министраллан белхахоша – оьзда ца лелахь а, шайна кхетта ун къайлахьо адамаша.

Дарба доцу имуннодефицитан синдром лаьцна нах уггаре дукха бу Соьлж-ГIалахь. Цул тIаьхьа йогIу ГIалина гонахара къошт а, Хьалха-Мартана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG