ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун эцна баханера Нохчийчу Австрера хьаькамаш юха а?


Нохчийчоь -- Австрера делегаци ю нохчийн журналисташца къамелехь, Соьлж-ГIала, 10ГIу2013.
Нохчийчоь -- Австрера делегаци ю нохчийн журналисташца къамелехь, Соьлж-ГIала, 10ГIу2013.

Австрин полицин а, миграцин урхаллан а векалш леста Нохчийчу. Бухарчу Iедало шеца гергарло цара лоьхуш санна уьш тIеэцахь а, хьешийн Iалашо цхьаъ бен а яц - шаьш долчу мухIажиралла доьхуш хьалхина эзарнаш нохчий цIехьа хьовсор.




Австрера хьешашна, Оьрсийчоьнан миграцин сервисан белхахошца цхьаьна баьхкина болчу, кеман берте дуьхьал баханера Нохчийчуьра Iедалхой, бохуш, дозаллийца яздо официалан хаамийн агенталлаша. Хьешашна юккъехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой хилла ца Iаш, иштта Европерчу мухIажаршца болхбечу юкъараллийн векалш а бара, бохуш дуьйцу цара.

Иштта, официалан хаамашца, хьешийн коьрта Iалашо – меттигерчу бахархойн Iер-дахаран хьелаш довзар а, цу регионехь экономикан кхиамийн гIулчаш таллар а ду. Бакъдолчехь амма Венерчу хьешаш еанарг кхин Iалашо ю – Австрехь тховкIело йоьхучу Нохчийчуьрчу мухIажаршна дацаре жоп дала бахьанаш лехар.

Кхеташ ма-хиллара, Къилбаседа Кавказехь экономика кхиарца я ца кхиарца кIеззиг бала бу Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин, я вуьшта аьлча, Австрерчу полисхойн – цу гIуллакхна Венера Iедалхой Соьлж-ГIала боьлхуш хилча, цига гIон берш Австрин экономикан министраллин векалш бара, я арахьарчу гIуллакхийн министраллин, я кхиаман министраллин.

Ткъа полисхой я чоьхьарчу гIуллакхийн министралла – иза тховкIело йоьхучарна жоьпаллехь ерг ю. Изза Нохчийчу хIинца шозлагIа вахана волу Бездека Йохан - Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь юкъараллин кхерамазаллин декъан куьйгалхо ву. Цо ша динчу мукIарлонца, иза шишша шо массоза долу Нохчийчу вахаран бахьана шен Iедало тIеэцначу „Нохчийн мухIажарийн шайн даймахкахь реинтеграци яр“ аьлла цIе йолу программа кхочушъяр ду. Ткъа и программа Австрера вайнехан мухIажирш арабахар а, уьш Нохчийчу цIехьаберзор а Iалашо йолуш ю.

„Тхан пачхьалкхе цу хIуманна оьшуш дерг дерриге а дан дагахь ю, эшахь некъана ахча а, цIакхаьчча, цIахь бизнес схьаелла ахча дала а“, - бохуш дийцира цо журналисташка.

Шайн агIор Австрерчу хьешашца цхьаьнакхетарш хиллачу Соьлжа-гIаларчу Iедалша тоьшаллаш дира, Нохчийчохь нахана, уьш Европе тховкIело лаха баха оьшуш, новкъа цхьа а хIума дац, аьлла. Бийцира Соьлжа-гIала йоттарехь болу кхиамаш а, юьрт-бахам а, могшалла ларйар а, болхбацар дIадаккхарехь а яьхначу яккхийчу гIулчех лаьцна.

Амма хIетте а кхача ца ло Европе уьдучийн рагI. КесталгIа Австрехь тховкIело а ехна, хIинца-хIинца шен дехарна дуьхьал меттигерачу Iедалша позитиве жоп а делла, Венехь дIатарйала гIерташ ю Шалажера орамаш долу мухIажар Малика. 45 шо долчу цуьнан шен къеначу деца а, шина вешица а, церан а, шен а доьзалшца а,- уьш верриш а 12 стаг вара, - яда дийзира цIера масех бутт хьалха.

Ша сел цIеххьана ядаран бахьанаш ма-дарра дийца ца лаьа цунна, амма Австрин Iедалша царна массарна сел сихонца политикан тховкIело яларо гойту, церан цу хIуманна билгал бахьанаш хиллийла. Маршо Радионо шега, хIун ду вайнах хIинца а шайн махкара идаран бахьана, аьлла, динчу хаттарна цо иштта дийцира.

Малика: „Со суо схьеана дукха хан йоцун дела, цигара хьал дика девзаш ду суна. Цигахь гIала еш а, гIишлош еш а къахьоьгуш бу уьш, дIагIерташ а бу уьш, амма тIаьхьалонна аьлла, шен халкъаний, шен къоманий диссийта, кхачам болуш деш хIуммаъ дац цигахь. ГIума тIехь еш йолу гIала санна моттаргIана деш хIума ду-кх иза. ДогIа ма деъний, гIамарна тIера гIала юху, иштта догIа ма деъний, цара вайн цIахь дехкина долу некъаш, гIаш дIаваха йиш йоцуш, экъанаш юхий, хьала лелхаш, хотташ дIасабетташ, хила дIасадетталуш, дIахIутту. Назе болх бойту, хьера бевлича санна, дийнахь а, буса а, амма царна догIуш долу ахча дIа ца ло“.

Амма уггаре а коьртаниг, вайнахе шайн мохк буьтуйтуш, хийраллехь аьттонаш лоьхуьйтуш дерг, Маликина хетарехь, иза адамашкахь маршонаш йисина ца хилар ду.

Малика: „Цхьа кIеззиг шайн цабезам берг, жимма шайна хIума тусаделла шекояьлларг а, ца хууш юхьтIера мекх дIадаьшнарг а, мацах цхьаммо ма -аллара, шайна хетачу агIор маж ца хилча, „хIахI, хIара царех ву“, „хIара вукхарех ву“, олий, цIе а кхуллий, и кегий нах хьийзабо. Дош ала а йиш яц. Ца хууш цхьанхьа къамелехь вистхилахь, шозлагIчу дийнахь ваьхьана карво и стаг. Цундела ца Iа-кх цигахь нах, ца боьхьа. Маршо йоцун дела цигахь. Бахьанаш леладо, ткъа даггара деш цхьа хIума дац“.

Ткъа цу юкъана кхаа денна яхйелла хилла йолу Австрерачу лакхарчу даржашкарчу полисхойн Нохчийчуьра визит дIайирзина. Схьахетарехь, цу хьошалгIа бахаро Австрерачу, ткъа, шуьйра схьаэцча, йоллучу Европерчу а нохчийн мухIажарийн кхолламашна вуочу агIор тIеIаткъам бан мега.

Амма тамаша бу цо Европе уьдучу нохчийн терахь лахдахь-м.
XS
SM
MD
LG