ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаххара а 47 стаг вийна Иракъехь



Лаххара а 47 стаг вийна Оршотан дийнахь Иракъехь лелхийтарш а, тIелетарш а дина. Цуьнах лаьцна хаам бина Иракъан Iедалша. Иштта Мосул-гIалахь тIемалоша герзаш диттина автобусана. Вийна 12 стаг. БагIадехь а, цунна гонаха а машенаш а лелхийтина вийна лаххара 17 стаг. 40 сов чевнаш йина ву. Тикритехь 8 стаг вийна меттигерчу гIалин администрацина тIелатар а дина.

Цу гIалин йистехь вийна мехкадаьттан биргIа ларйеш волу кхо эскархо. Оццу дийнахь Тель-Афар-гIалахь 7 стаг вийна шиIатийн зиярте нах эцна йоьдучу автобусна тIелатар а дина. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло далочу терахьашца хIара шо даладелчхьана Иракъехь байинчу нехан терахь ду 8 эзар сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG