ТIекхочийла долу линкаш

Евробертан дозанца шаьш зарратан ракеташ хIиттор низамехь лору Оьрсийчоьно


Европехь шайн ракеташ дIахIитторо цхьа а дуьненаюкъара низам цо дохадо аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Цо билггала хаам ца бо шайн Искандер олу ракеташ дIахIиттийна меттигаш мичахь ю.

Амма немцойн «Бильд» цIе йолчу газето дийцарехь, иза бу цхьана хенахь Германин дакъа хилла Калининградан мохк. Оьрсийчоь дукхахенахь дуьйна кхерамаш туьйсуш яра, шаьш Евробертан доззанца ракеташ хIиттор ю Iамеркан ракеташна дуьхьал йолчу системина жоп луш бохуш.
XS
SM
MD
LG