ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Думо тIеоьцучу амнистина реза бац бакъонашларъярхой


Оьрсийчоьнан Конституцин 20 кхачарца йоьзначу амнистийн проект тIеэцна Пачхьалкхан Думан комитето. Цуьнах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто.

Цу документаца а догIуш, президенто Путин Владимира Думе кховдийна йолу амнисти хьакхалур ю адамашна ницкъ бина боцучу жима а, юккъерчу барамехь а зуламаш дина болчу нахах.

Иштта цунна юкъабогIур бу кхиазхой а, заьIапхой а, къаной а, доьзалх болу зударий а, жима бераш долу зударий а. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан спикеро Нарышкин Сергейс бинчу хаамца, амнистех лаьцна сацам тIеоьцур бу депутаташа кху беттан 18-чу дийнахь.

Адамийн бакъонаш ларъярхоша критика йина цу проектана иза оьшуш ма хиллара шуьйра амнисти яц аьлла.
XS
SM
MD
LG