ТIекхочийла долу линкаш

РогIера эккхийтар дина ОвхIанистанехь


Ши стаг вийна Шинарин дийнахь ОвхIанистанехь, эккхийтар а дина. Кхин а 6 чевнаш йина ву. Iедалан векалша бинчу хаамца, иза хилла Пакистанан дозан гена йоцуш йолчу Спин-Болдак-гIалахь.

Вилспетан тIе йихкина йолу бомба эккхийтина зуламхоша, уллехула чекхйолуш полицин машен а йолуш. Вийна полицин белхахо а, кхин цхьа бер а. Чевнаш йина ву 4 полисхо а, ши маьрша вахархо а.
XS
SM
MD
LG