ТIекхочийла долу линкаш

Кхин дIа а Киевехь митингехь латта дагахь бу Украинин евроинтеграцин агIончаш


Киевехь Назалежности майданахь керла баррикадаш еш бу Украино евроинтеграци яран агIончаш. Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, «евромайдан» латта дагахь ю Малхбузехь даздеш долу Кристмас олу Iийса Пайхамар вина де тIекхаччалц.

Цу акцин декъашхой шек бевлла бу Оьрсийчоьно Украинина ахчанца гIо дарна Янукович Виктора дош делла хиларна Кремлна, ша Киеван коьртачу майданехь митинг дIахьош болу нах дIасалохкур бу аьлла. Украини Лаккхарчу Радин депутаташ хаа лууш бу Iедалшкара Оьрсийчоьно Украинина 15 миллиард доллар барамехь кредит даларан а, 30 процент Украинина юхкучу газан мах охьабаккхаран а бахьана.

Кхаарин дийнахь Украини премьер-министро Азаров Николайс дIахьедар дира Оьрсийчоьно кредит далар бахьана долуш 2014-чу шеран бюджет тIеэца йиш хир ю шайн аьлла.
XS
SM
MD
LG