ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама цхьаьнакхетта коьртачу лаккхара технологин компанийн куьйгалхошца


Iамеркин президент Обама Барак Шинарин дийнахь цхьаьнакхетта Iамеркерчу лаккхара технологийн компанийн куьйгалхошца. Цара дехар дира президенте Къоман кхерамазаллехула йолчу агенталло дIахьочу электронан Iуналла дечу программина зил тохахьара аьлла.

Маршо Радион Вашингтонерчу корреспонденто бинчу хаамца, КIайчу ЦIийнехь хиллачу цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Apple а, Microsoft а, Google а, Yahoo! а, Twitter а, Facebook а компанийн куьйгалхой. Кхин билггала цуьнах лаьцна дуьйцуш хIума дац.

КIайчу ЦIийно дIахьедар дина президент кийча ву цу коьртачу фирмийн куьйгалхошна хетачуьнга ладогIа аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG