ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалара "Беркат"-базар яьгна


Соьлж-ГIалара «Беркат» базар ( «ЦIен варзап» олуш завод яра цигахь хьалха) яьгна кхаарий дийнахь. ХIаллакьхилла йохкархойн хIуманаш. Официалехь боцчу хаамца, елла цхьа зуда. Тешаша хаам бо, цIейойъучу Iедалан машенех цхьаерш хи а доцуш яьхкинера бохуш. Цара дийцарехь, кхерамзаллана оьшшучу кепехь ца хилла базарара ток лелоран, меттиг цIарх Iалашъяран хьелаш. Елхоев Леча, Маршо Радион корреспондент.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG