ТIекхочийла долу линкаш

Ходорковскийна амнисти ян кийча ву Путин


ЮКОС мехкадаьттан компанин куьйгалхо хиллачу Ходорковский Михаила шена амнисти яхьара аьлла динчу дехарна тIе куьг таIо дагахь ву ша аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Путина цуьнах лаьцна хаам бина Москох шен йоккха зорбанан конференци дIайирзинчул тIаьхьа.

Цо дагадаийтира чубоьхкинчу неха бакъо хилар шайна гечдар деха. Президенто дийцарехь, Ходорковскийс иза хьалха ца динера, амма дукха хан йоцуш цо кехат яздина цуьнах лаьцна. И хаам баржийна ИТАР-ТАСС агенталло а, «Россия-24» телеканало а. Телевизионехула гайтина Путин Владимир ша бинчу сацаман бахьанаш дуьйцуш.

Президенто дийцарехь, цо Ходорковскийна геч дийра ду цуьнан нана могуш йоцуш хиларца а, Ходорковскийс набахтехь даьккхина 10 шо ондда таIазар хиларна а. Амма Ходорковскийн адвокташа цо шена амнисти яр доьхуш кехат яздина бохург дуьххьара хезаш ду шайна бах.
XS
SM
MD
LG