ТIекхочийла долу линкаш

Iожалхочо иттех стаг вийна БагIдадехь


БагIдадехь шиIаташ бехачу кIоштахь ондда эккхийтар дина Iожалхочо. И бахьана долуш вийна лаххара а 10 стаг. 23 стаг чевнаш йина ву. Бомба эккхийтина Кербела-гIаларчу зиярте боьлхуш болу нах цхьаьнакхеттачу хIусамехь.

Кхаарин дийнахь БагIдадана йистехь цу кеппара эккхийтар а дина вийра Кербела воьдуш волу 5 стаг. Кху деношкахь шиIаташ дагалоцуш бу элчанан йоьIан къант Хьусайн вийна де. Суннитийн тIемалоша сих-сиха тIелетарш до Иракъерчу шиIатийн юкъараллан векалшна.
XS
SM
MD
LG