ТIекхочийла долу линкаш

Украинин доттагIашна товш йолчу юкъаметтигийн кеп лахаран агIонча ву Янукович


Оьрсийчоьно а, Белорусино а, Казахстано а бинчу Таможнин Бертан тергамчан статус Украини хилар дуьхьал дац Украино Евробертаца гергара юкъаметтигаш дIанисйеш барт тIеэцарна. Цуьнах лаьцна меттигерчу зорбанан гIирсашна ша еллачу интервьюхь дIахьедар дина Украинин президенто Янукович Виктора.

Цо дийцарехь, шен стратегин доттагIашна товш йолчу юкъаметтигийн кеп каро еза Киевна. Украинин президенто иштта дIахьедар дина махкал арахьара политикаш а, даржахой а Украинин чоьхьарчу хьолана юкъагIертийта мегар дац аьлла.
XS
SM
MD
LG