ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохарчу некъан бохамехь велла Дагестанан вице-премьер


Дагестанан вице-премьер Махачев Гаджи
Дагестанан вице-премьер Махачев Гаджи

ПIераскан буса Москох, пхи машен а йохош хиллачу некъан бохамехь велла Дагестанан вице-премьер Махачев Гаджи. Еза чевнаш хилла цуьнан хIусамнанна а, кхаа берана а. Цу некъан бохамехь велла кхин а ши стаг.

ПIераскан буса Москох, пхи машен а йохош хиллачу некъан бохамехь велла Дагестанан вице-премьер Махачев Гаджи. Еза чевнаш хилла цуьнан хIусамнанна а, кхаа берана а. Цу некъан бохамехь велла кхин а ши стаг.
Цунах лаьцна ю тахана Умарова Аминас кечъйина материал.


Москох-юккъерчу Кутузовн цIарахчу шуьйра урамехь, пIераскан буса хилла некъан бохам. ТIаьххьарчу хаамашца велла кхо стаг. Царна юкъахь ву Дагестанера уггар вевзачех волу политик, оьрсийн пачхьалкхан ДУМин депутат хилла, Дагестанан вице-премьер Махачев Гаджи. Маситтанна еза чевнаш йина. Юьхьанцара елла бохуш дийцира Махачевн хIусамнана, 30 шо долу Каменева Анна а. Иза а еза чевнашца дарбан цIийне кхачийна. Чевнаш хилла, машенахь хиллачу Махачевн кхаа берана а.

Некъан бохам гиначу тешаша дийцарехь, Mercedes GL джип тIех чехка йоьдуш яра, ши некъ боькъучу сизанна тIехула. Кутузовн урамерчу новкъахь беш белхаш бу, цу юкъахь некъ боькъучу тIехь а. Цунна лерина хIиттийна дуьхьалонаш ю, бетонах йина йолу.

Машен хьалха хиина Iаш хиллачу Махачевна дукха тIаьхьа гинчух тера ду и дуьхьало я, машен тIех чекха хаьхкина хиларна, саца ца елла цуьнга. И бахьанехь, цIеххьаша сацон гIоьртина машен дуьхьала богIучу некъа тIе а кхоссаелла, Chevrolet микроавтобусах кхетта. Эццахь иккхина микроавтобус, чимаш бен ца буьсуш, яьгна. ТIеттIа кхеттачу оцу шина машенах кхин кхо машен а кхетта. Махачев воцург, микроавтобусана хьалха хилла стаг а велла, тIекхеттачу цхьана машена чохь хилла зуда а елла.

Махачев Гаджи къаьсташ вара Дагестанерчу политикех. Советан заманахь шозза набахтехь хан яьккхиншехь, 1990-чу шерашкахь жигара политикан карьера ян волавелира, цкъа дуьххьара Дагестанехь, цул тIаьхьа «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин декъашхо а хIоьттина, оьрсийн пачхьалкхан ДУМехь депутат хилира шозза. Депутат волчу муьрехь цуьнан маситтаза Iотта-баккхам хилла либерало-демократийнй партин девне лидерца Жириновский Владимирца.

ХIокху шеран Гезгмашин-баттахь Дагестанан вице-премьер хIоттийра Дагестанан керла куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана.

Дагестанера журналистана Биакай Мохьмадана хетарехь, републикерчу политикехь хIумма а хийцалур дац, Махачев валарца.

Биакай: Иза дIавахар Дагестанан политикина тIехь цхьана кепара хаалур дац. ХIунда аьлча, тIаьхьарчу пхеа шарахь Махачевн башха тIеIаткъам бацара республикехь хуьлчунна. Аьлча а, I990-чу шерашкахь санна Iаткъам бацара цуьнан.
Суна хетарехь, Махачевна башха оьшуш а дацара вице-премьеран дарж. ХIунда аьлча, мел йолчу ницкъаллийн структурерчу куьйгалхошца девнехь хила деза.
Дагестанехь йолу федералан центрах къаьстина ю. И бохург, регионашкахь (Iедалан даржакахь) болу нах дуьхь-духьала а хIиттош дIахьо Москохо политика, бохург ду.
XS
SM
MD
LG