ТIекхочийла долу линкаш

Киевехь "Беркуто" гоне лаьцна Незалежности майда


«Беркут» олучу лерринчу милцойн тобано дIакъевлина Незалежности майда. Цигахь хан тоьхна йоцу дуьхьалонан акци дIхьош бу евроинтеграцин агIончаш. УНИАН олучу Украинерчу агенталло бинчу хаамца, милцойн 6 автобусо дIакъевлина Европан майда йолчу агIор болу некъ.

Автобусаш лаьтташ ю адамаш гIаш лелачу меттигашкахь а, метро чура арабовлучу нахана Крещатик-ураме баха новкъарло еш. Дуккха а «Беркутан» милцой бу дIахIиттийна Европан майданехь а, Владимиран гу тIехь а.
XS
SM
MD
LG