ТIекхочийла долу линкаш

Минске адамашна лаккхара таIзаран кхелаш яр сацор дехна Эштона


Евробертан арахьарчу гIуллакхийн урхаллан куьйгалхочо Кэтрин Эштон кхайкхам бина Минске, адамаш дайъа кхел ярна мораторий кхайкхаяхьара аьлла. Еарин дийнахь ша даржийначу дIахьедар тIехь Эштона ша халахеташ хилар хаийтина Шинарин дийнахь Минскерчу кхело 53 шо долчу Луков Эдурдана вен кхел йина хиларна.

Баханчу баттахь иза бехке винера 5 стаг верна. Эштонна хетарехь, цу стага динарг луьра зулам далахь а, кхело сацам а бина, стаг вер бакъдан йиш йоцуш хIума ду. Белоруси ша цхьа пачхьалкх бен яц Европехь хIинца а адамана вен кхел еш йолу. Стохка цигахь цу кепара суд а ийна вийна кхо стаг.
XS
SM
MD
LG