ТIекхочийла долу линкаш

Дуьхьалонан акцеш юьйлаелла Туркойчохь


Дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, Iедалшна дуьхьал хьажийна акциш хилла Туркойчоьнан гIаланашкахь. Цу наха доьхург ду ЭрдохIан Реджепе премьер-министран дарж дитар. Цуьнан бахьана ду министрийн кабинетан декъашхой юкъахь а болуш коррупцица доьзна икккхина дов.

Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, и гIуллакх толлуш дIалаьцна 52 стаг. Царна юкъахь бу шина министран кIентий а, махкахь уггаре яккхийчерах йолчу «Халкъбанк» олучу пачхьалкхан банкан инарла менеджер а, Истанбулан кIоштан куьйгалхо а, яккхийчу гIишлошъяран компанийн долахой а.

Шоьтан дийнахь ЭрдохIана дIахьедар дина, цхьаболу кхечу пачхьалкхийн векалш дакъалоцуш хилла провокацишна юкъахь аьлла.
XS
SM
MD
LG