ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан эскархо вийна Нохчийчохь


Оьрсийчоьнан эскархо-контрактхо вийна Нохчийчохь ТIехьа-Мартан кIоштахь. Цуьнах лаьцна, республикерчу ницкъаллин структурашна тIе а тевжуш, хаам бина Кавказский Узел интернет-агенталло.

Цо дийцарехь, и инцидент хилла ПIераскана дийнахь 12 сахьт долуш Янди-кIотарна гена доцуш. Цигахь талламаш дIахьош салтий а болуш иккхина куьйга йина бомба.

«Интерфаксо» дийцарехь, и бахьана долуш цхьа эскархо чевнаш йина хилла. Иза велла, дарбанан хIусаме дIавуьгуш.
XS
SM
MD
LG