ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Украина банкрот хиларх кIелхьара яьккхина бохуш чIагIдо Азаровс


Оьрсийчоьно 15 миллиард доллар барамехь кредит лур ду аьлла, барт хиллачул тIаьхьа Украинина оьшуш дац Дуьненаюкъарчу валютан фондан кредит. Цуьнах лаьцна ПIераскана дийнахь Украинин телевизионехула вист хуьлуш дIахьедар дина премьер-министро Азаров Николайс.

Украинин премьеро дийцарехь, Шинарийн дийнахь Оьрсийчоьнца барт ца бинехь Украина банкрот хиларан кхерам бара. Азаровс чIагIдарехь, Оьрсийчоьнца бинчу берто аьтто бийр бу церан Оьрсийчоьнца а, Таможнин Бертаца а дикачу хьелашкахь йохк-эцар лело а, газан мах охьабаккха а, Оьрсийчурча компанешца коопераци ян а.

Цо дийцарехь, Украинина кредит луш ду Оьрсийчоьно цхьа а билламаш а ца бохкуш, масала бахархошна юхкучу газан мах тIетоха а ца бохуш. Азаровс чIагIдарехь, Дуьненаюкъара валютан фонд яра Украинин Iедалшка иза де бохуш, нагахь шайна кредит дезахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG