ТIекхочийла долу линкаш

«Iиса-Пайхамаран нана, Путин дIалаллахь!» йиш лекхна Толоконникова а, Алехина а араялийтина набахтера


Pussy Riot тобан декъашхой Толоконникова Надежда а, Алехина Мария а оршот дийнахь арахецна оьрсийн набахтешкара, даханчу кIиранахь Оьрсийчохь амнистехула бинчу къинхетамца а доьзна. Лахарчу Новгородера набахтера Алехина Мария дIахецначул тIаьхьа масех сахьт даьлча Красноярскера набахтин дарбан цIийнера араялийтира Толоконникова.

Журналисташка йистхуьлуш, Толоконнниковас кхайкхам бира, Оьрсийчохь йохочу адамийн бакъонашна тIе тидам озон Iалашонца, Сочера Iаьнан Олимпан ловзаршна бойкот йе, аьлла.

Даханчу кIирнахь оьрсийн пачхьалкхан ДУМера депутаташа цхьабосса кхаж тесира, Толоконникова а, Алехина а амнисти юкъаяхийта.
2012-чу шарахь Путин Владимир кхин цкъа а президент вахийта гIортор ечу православин килсанна протест еш, Москохарчу килсанехь йиш лекхнера царшимма, «Iиса-Пайхамаран нана, Путин дIалаллахь!», цIе йолу.
XS
SM
MD
LG