ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарехь революци гIаттош жигара хьаьвзина хилла кхо стаг набахте хьажийна кхело


Еххачу хенахь Мисарна урхалла дина хилла Мубарак Хьосни воха а веш, 2011-чу шарахь революци гIаттош жигара хьаьвзина хилла кхо стаг кхоккха шо набахти чохь даккха хьажийна Мисарерчу кхело. Ахьмад МахIр, Ахьмад Дума, Мухьаммад Адел а бехке карийнера, Iедалшна доьхьал демонстрацеш яр доьхку керла низам дохорна.
Уьш, иштта, бехке бина, полицина тIелатар дарна а.

Демократан гIирсашца хьаржина хилла волу президент Мурси Мохьаммед хIокху шеран Товбецан баттахь тIеманхоша дIаваьккхинчул тIаьхьа, иза дуьххьара кхел яра, исламисташ боцчу нахана тIехь йина йолу. Кхеле озийна кхуьй а бевзаш болу диссиденташ бара Мубаракан хенахь. Цара иштта, гIортор йинера, исламистийн боламан лидер Мурси вохош а, 2011-чу шарахь хиллачу революцин ойланашна цо ямартло ярна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG